Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц. qac Шqac*еко йоцуш, Ахь кІелхьарваккхаре дегайовхо ю сан, Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас. qac Іqac*ебийла Ахь кІелхьарваккхарх болу сан хьагам, Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву. Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кІелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дІахезар ву.
Выбор основного перевода