Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира. Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. ПирІунан эскар а, гІудалкхаш а хІорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирІунан тІеман хьаькамаш Эрзан хІорда чу бахана.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода