Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Цо со билггал вийна дІавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. Цийонан йоІан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама. Воккхавеш хир ву со, Ахьа кІелхьарваккхарна. Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту! Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хІордаш чу дахча а, тулгІенаша гІовгІа яьккхича а, хІордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а. Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода