Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. Ярташна уллохь кІело йо цо, къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо, къайлаха декъазачуьнга бІаьргаш хьежабо цо. Вониг лелош болчеран ойланех а, зулам дечеран тобанех а со дІахьулвехьа. Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо, ткъа шайн дешнаш, дІаьвше пхерчий санна, тІекхуьссу. Шайн кІелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тІе кхуьссу. ХІуманах а ца кхоьруш, цара цІеххьана цунна тІе уьш кхуьссу. Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чІагІбо. «Иза-м хьанна гур бара?» – бохуш, шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо. ТІаьхьарчу хенахь къилбе-махкара паччахь тасалур ву цуьнца. Ткъа къилбаседе-махкара паччахь а шен гІудалкхашца, дошлошца, дуккха а долчу шен хинкеманашца, буьрса дарц санна, тІетатталур ву цунна. ТІаккха, дистина догІу хи санна, мехкашна тІе а кхетта, царна тІехула чекхвер ву иза. Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода