Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, тІамца маданхошна тІебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. ГадІана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дІаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. Маданхойн Іораббий, Зиаббий цІе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Іораб Іорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадІан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара. Зебахь а, ЦалманаІ а ведда дІавахара. Царна тІаьхьаваьллачу ГадІана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Іадийнера ГадІана.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода