Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дІадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю. Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КІа ара кечъечу хенахь ког таІош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тІекхочур ю». Амма Везачу Элан ойланаш царна ца евза, Иза дан воллучух а уьш ца кхета. Цо, хьаьтта цІевнаш санна, шаьш схьагулдина хиларх а ца кхета. Везачу Эло боху: «Цийонан йоІ, хьалагІатта, ялта ара! ХІунда аьлча Ас, аьчка маІаш а, цІестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хІаллакдийр ду. Ахь цара нахера дІадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дІалур ду».
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода