Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цІе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. ХІара дерриг а Цуьнан гІуллакхийн кІеззиг долу дакъа бен дац. Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза! Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?» Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода