Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Везачу Эло шен таІзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тІе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагІашна, гезаршна тІе даьІнаш долу луьра ун кхетар ду. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Буьйсанна пирІун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагІаьттира. Доккха белхар хІоьттира Мисар-махкахь, хІунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхІарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогІу сегІаз а дагош, царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдора АхІарона. АхІарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дІахІоьттира – цамгаран ун сецира. Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхІ бІе стаг вара. Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таІзарх цхьаъ къастаде: Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тІе а кхочуьйтуш, хьайн мостагІех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тІехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Іожаллин ун хІуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хІаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хІун ала аса со Ваийтинчуьнга?“» Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чІогІа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара». ТІаккха Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хІаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин хьаьттарна юххехь дара. Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира, доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара елира, догуш долу кІегий цу чуьра охьаоьгура.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода