Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Ширачу лаьмнийн деза хиларал а, даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду хьан дас хьо декъалвар. Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар. Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагІашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тІехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дІабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Мохо дІасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дІа а лохкийла уьш. Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тІаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча, ЯхІудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дІахІоьттира, Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дІахІоьттира. Иза гина болу Эрзийн хІорд юхабедира, Йордан-хи а юханехьа доладелира. УьстагІий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Іахарий санна, ирхлелхаш. ХІун хилла хьуна, хІорд, хьо дІа хІунда бедда? Хьуна а хІун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла? Шу хІунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагІий санна, ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Іахарий санна? ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа? Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода