Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». Цигахь Царуятан кхо кІант вара: Йоаба, Абушай, ІасахІал. ІасахІал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чІогІа лоттуьйту. Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхенашкахь со чІогІа лоттуьйту. Везачу Эло со кІелхьарвоккхур ву. Мерзаш долу пондарш а лоькхуш, оха хастор ву Хьо. Тхаьш дийна мел ду, Везачу Элан цІа долчохь Иза хастор ву оха». Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода