Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Везачу Эло хьайн баланах а, гІайгІанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кІелхьардаьккхинчу дийнахь, Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дІа ма сецна! «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду.
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода