Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Аввакум
1 2 3
Параллельные места
Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера, ткъа хІинца сайн бІаьргашца гина Хьо суна. ХІинца со айса аьллачунна дохковаьлла, цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Іаш ву». Тхан дайша тхуна дуьйцура, уьш баьхначу ширачу заманахь. Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна. Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза. Тхо юха дендийр дац те Ахьа, Хьайн халкъ юха а Хьо бахьана долуш доккхадейта? qac Рqac*аж йоцуш дегош ду сан дегІ Хьох кхерарна. Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша. ОьгІазваханчохь Сайн юьхь хьох къайлаяьккхинера Ас, амма хедар боцучу безамца Ас къинхетам бийр бу хьох», – боху хьо КІелхьарйоккхуш волчу Везачу Эло. Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
Аввакум
1 2 3
Выбор основного перевода