Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. ВорхІ кІант винарг ю са ийзош Іуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьІаьржачу а хІоьттина, Іуьллуш ю. МостагІийн таррашка Аса хІаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, – боху Везачу Эло“». Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Хьан кхоьллина ВорхІ Седа а, Орион а? Хьан еш ю Іожаллин ІиндагІах сирла Іуьйре, ткъа дийнах Іаьржа буьйса? Хьан тІегулдо хІордан хиш? Уьш лаьтта тІехула Хьан дІасадаржадо? Цуьнан цІе – Веза Эла ю! Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
Выбор основного перевода