Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Кхиъна вогІуш волу Шамъал Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хІуттура. Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. Тамашийна билгалонаш ца го тхуна, пайхамар а вац тхан хІинца, хІара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца. Сан хьехамна а, тоьшаллина а догІучуьнга бен ла ма догІа. Оцу наха дуьйцург Делан дашца ма ца догІу – церан Делан нур дац! Къизачу Іазапехь а, меца а болуш, лаьтта тІехула лелар бу и нах. Мацалла хІоьттинчу хенахь, дар а белла, шайн паччахьна а, Далла а луьйр бу уьш. ХІунда аьлча Іовдало сонта хІума дуьйцу, цуьнан дагахь вониг дар ду. Цо Іесалла лелайо, Веза Эла емалво, мецачун лаам Іаба ца бо, ткъа хьогахверг хи доцуш вуьту. Цхьа сингаттам дІабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хІуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Іамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Цара массара а шайн батош дІакъовлур ю, хІунда аьлча царна Делера жоп хир дац».
Выбор основного перевода