Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гІо лаца веана волчу. Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу, ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду». Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаІ-гІалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогІур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таІзар дийр ду. Ша-шех чІагІо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гІишлойх, Ас гІала а, гІалахь мел дерг а дІалур ду мостагІашна».
Выбор основного перевода