Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду». Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хІунда аьлча и зама луьра ю. Суна генаяккха лоькхучу хьайн эшарийн гІовгІа, хІунда аьлча хьан дечиг-пондарийн аьзнашка Ас ладугІур дац. Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цІа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хІаллакьхир ву. ТІаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цІа чуьра арадахархьама. ЦІа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?» Вукхо жоп лур ду: «Цхьа а ца висна». ХІокхо эр ду: «ГІовгІа ма е! Везачу Элан цІе яккха мегар дац».
Выбор основного перевода