Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“ Бетал-гІалахь Со ма лехалаш, Галгал-гІала ма гІолаш, Беар-ШабаІе ма кхачалаш, хІунда аьлча Галгал-гІала йийсаре гІур ю, ткъа Бетал-гІала хІумма а йоцург хилла дІахІуттур ю».
Выбор основного перевода