Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. ЛадогІа! Дуккха а халкъийн гІовгІа ю! Ловзабаьллачу хІордо санна, гІовгІа йо цара. Къаьмнийн угІар ду! Сиха догІучу доккхачу хин гІовгІа санна, ду церан угІар. «Адаман кІант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чІагІо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“. Шайн сагІанаш цІушна а дохуш, шайн бераш цІерах чекх а дохуьйтуш, хІинцалерчу денна тІекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“» Шина-кхаа гІалара нах хи малархьама цхьана гІали чу гуллора, амма шаьш Іаббалц ца малалора цаьрга иза. ТІаккха а тІе ца дирзи шу Суна», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода