Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хІун до тахана Делан стагана тІеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!» «Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо. Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хІуманаш я кІа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха. ХІора ворхІалгІа деанчу шарахь тхайн кхаш тІехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтІера девр ду тхо. Цу деношкахь ЯхІуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагІар даккхархьама. Иштта шайн варраш тІе цІевнаш а, чагІар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хІуманаш а тІеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дІа а яьхьна, дІайохкархьама. Аса цу нахах чІогІа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хІума дІадухкуш гича. Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чІерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхІудхошна дІадохкархьама. «Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а. Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву. ХІинца а ю те Іесачийн цІенош чохь харцахьаяьхна хазнаш а, сел дегаза долу харц сахь а? Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тІоьрмаг а магийтича?
Выбор основного перевода