Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. «qac Тqac*къа Веза Эла бакъонца ма лела, Цуьнан даше ас ла ца доьгІна дела. Сан балане хьажий, ладогІалаш, халкъаш, Сан йоІарий, сан къонахий йийсарехь ма бу. qac Цqac*у урамийн ченалахь ма Іохку бераш а, къаной а охьаэгна. Сан йоІарий а, кегий нах а мостагІчун туьро охьабехкина. ОьгІазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хІаллакбира. Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира. Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этІор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дІахІоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хІаллакйийр ю.
Выбор основного перевода