Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолу Эла лаьттах хьакхало, тІаккха латта дІасадекъало. Лаьтта тІехь вехаш мел верг воьлху. Дерриг а латта, Мисар-махкара Нил-хи санна, лакха а долу, юха лах а ло. Баланийн хІордахула чекхбевр бу уьш, цара хІордан тулгІенаш йохор ю, ткъа Нил-хин кІоргенаш якъалур ю. Ашур-мехкан куралла лахйийр ю, Мисар-мехкан ницкъ дІабер бу.
Выбор основного перевода