Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Кхетаме богІур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш? Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кІант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цІе емал а еш. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь.
Выбор основного перевода