Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) ТІаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чІогІа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю». qac Тqac*къа мостагІаша-м тхан лараш толлура, тхо тхешан урамашкахула ца лелийтархьама. ТІееа тхан тІаьххьара зама, тхан тІаьххьара денош а тІедаьхки, тІекхечи тхан тІаьххьара сахьт а. «ХІинца, адаман кІант, хІара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тІекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьІІе кхаччалц тІекхаьчна чаккхе. ТІекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хІинцале а тІекхаьчна. Везачу Эло соьга хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» «Санисбийриг го», – жоп делира ас. ТІаккха Везачу Эло элира: «Ас хІинца Сайн Исраилан халкъана юккъе санисбийриг охьаюьллур ю. Ас цунна кхин гечдийр дац. Декъаза ю со! ХІунда аьлча хІинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц.
Выбор основного перевода