Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цора-гІалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагІа вара. Ткъа хІинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кІант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тІе. Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира. И белхаш бечу хенахь, Цора-гІалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгІатна елира Сулим-паччахьо. ХІунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна. Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира. «ХІара хІун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» – элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цІе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цІе йолуш ду. Хьирам-паччахьо цхьа бІе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна. ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. ГІайгІане хила, хІордан йистера бахархой! ХІорда тІехула лелаш болчу ЦІадан-гІалара совдегарша шу хьаладузура. Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. Эхь хета, ЦІадан-гІала, хІунда аьлча хІордо – хІордан чІагІоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кІентий а, йоІарий а ца кхиийна ас». Мисархошка хабар дІакхаьчча, Цора-гІаланах дерг а хезна, холчу хІуьттур бу уьш. Таршаш-махка дІакхалха! ХІордан йистехь бехаш берш, белха! Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хІетахь йоккхаеш йолу шун гІала хІара юй? Генарчу мехкашкахь Іархьама, цу гІалара нах хьалха лелаш хилла. Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цІеяхана берш кІезиг хетийтархьама а. Нил-хи санна, паргІат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна. Шен куьг хІорда тІехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаІан-мехкан гІепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоІстаг санна йолу ЦІадан-гІала! Хьала а гІовттий, Хитам-махка гІо, гІалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Іаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тІеман бІаьвнаш дІа а хІиттийна, мехкан гІепаш йоха а йина, царах харцораш йинера. Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гІап йохийна. Хан тІекхочур ю, Цора-гІала кхузткъе итт шарна – цхьана паччахьан оьмаран ханна – йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гІалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду: «Хьайн мерз-пондар схьа а эций, гІалахула долало, дицделла кхахьпа! Эшарш дика лакха, хьо дагаяийта». Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гІала, таІзар динчул тІаьхьа паргІатйоккхур ю. И гІала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. Везачу Элана дІакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДІа а къевлина, Іалашдеш хир дац гулдинарг, хІунда аьлча Везачу Элана уллохь Іаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хІума яийтархьама а, дика бедар тІейохийтархьама а. «Адаман кІант! Цора-гІалин бахархоша вониг дуьйцура Ярушалаймах лаьцна: „Жолам-яІ! Кхидолу къаьмнаш долчу кхочуш долу ков хилла йолу и гІала йохийна ю! Йохкар-эцаран неІ тхуна схьа-ма-йиллина! И гІала хІуй-пака а яьккхина, тхайна хьал схьагулдийр ма ду оха!“ Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гІала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тІегІуртур ду, хІордан йистана тулгІенаш тІе-ма-гІорттара. ТІаккха Цора-гІалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бІаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш. ДІаала хІорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хІордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гІала! Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду.
Выбор основного перевода