Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? Дамасакх-гІалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дІабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гІайгІано а, лазаро а уьш дІалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тІемалой а хІаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пІелаштамхой Крит-гІайре тІера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода