Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гІудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го а бина, гІалина тІелетира. И дерриг хиллачул тІаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТІаккха, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го бира цо. Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Бен-Хьадид. ТІом болчу хенахь Хьазиала масех гІала схьаяьккхинера ЯхІуашан дегара ЯхІу-Ахьазера, амма ЯхІуаша и гІаланаш юхаехира Хьазиалан кІантера Бен-Хьадидера. ЯхІуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тІехь, исраилхойн гІаланаш юха а йохуш. Ас цІе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цІеро Бен-Хьадид-паччахьан гІепаш дІакхоллур ю».
Выбор основного перевода