Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Жимаха йолчу йоІа а кІант вира. Цо цуьнан цІе Бен-Іамми тиллира (иза «сан гергарчун кІант» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу Іамминхой. Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гІалара ара а ваьлла, Тапсахь-гІалина тІелетира. ГІалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тІелетира иза, хІунда аьлча цара гІалин кевнаш дІа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хІаллакьяйтира цо. Іамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТІаккха МилкІом-харцделан къомо гадахойн мохк хІунда дІалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гІаланашкахь хІунда бу Іаш? Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло. Делха, Хьешбонан бахархой: хІаллакйина ГІай-гІала. Тийжа, Рабба-гІалин зударий, шайна тІе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гІалин пенашна юккъехь дІасауьдуш хила, хІунда аьлча мостагІчо МилкІом йийсаре дІавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. ХІунда до аша шайн тогІех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Іаш, хьуна моьтту, хьуна тІелата цхьа а ваьхьар вац. Амма Ас массо а хьан маьІІера хьуна тІе къемат доуьйтур ду, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло, – тІаккха шу дІадовдур ду, цхьаммо а шу юха цхьаьна схьа а гулдийр дац. Амма тІаьхьа Аса Іамминхойн аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. «Адаман кІант! Іамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дІалур ду. Цара шун латта дІалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. Ас Рабба-гІала эмкалийн дежийла йина дІахІоттор ю, ткъа Іамминхойн мохк уьстагІийн керт йина дІахІоттор бу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дІакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дІа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дІа а хедар бу шун мохк. Ас хІаллакдийр ду шун халкъ, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“». Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду».
Выбор основного перевода