Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Дауда, Рабба-гІалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дІахІиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Іамминхойн гІаланашкахь и тайпа белхаш дІахІиттийра. Цул тІаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира. И кІошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ІаруІер-гІалара дуьйна Арнон-хина тІекхаччалц. Цу чу догІура ГалІад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара. ЯхІу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тІеман гІудалкх а, итт эзар гІашло а бен вацара, хІунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дІадаьккхира, когаш кІел хьоьшу чан санна эскархой а беш. Сан кхетам тІе ца кхуьу кхо хІума ду, диъ хІума а ду со ца кхеташ: хІунда аьлча Араман олахо Дамасакх-гІала ю, ткъа Дамасакхан олахо Рицан бен вац. Кхин кхузткъе пхи шо даьлча, эпраймхой, шаьш бохийна хиларна, кхин къам хир дац. хІунда аьлча цу кІантана „сан да“, „сан нана“ ала Іамале, Дамасакх-гІалин хьал а, Шамран-гІалин хІонс а Ашур-мехкан паччахьна хьалхāхула дІахьур ду». ХІара бу Дамасакх-гІаланах лаьцна болу хаам. «ГІаланаш юкъара дІайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах. ІаруІер-гІалина гонах йолу гІаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дІакъахко стаг а воцуш, уьстагІий цигахь Іохкур ду. Эпрайм-махкара чІагІйина гІаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гІалара паччахьалла дІадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ас хьох ира ялта орург йийр ю. Иза керла а, цергаш йолуш а хир ю. Ахь лаьмнаш, эрина, хьаькхна дІадохур ду, ткъа гунех кегаш йийр ю. Иштта боху Везачу Эло: «Іамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хІунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалІадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
Выбор основного перевода