Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгІачу тІаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха». Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Со даим а хир вац шу бехке деш а, шуна оьгІазъоьхуш а. Со иштта хилча, муьлхха а са Суна хьалха гІеллур дара, Іаь а тухуш, Ас мел кхоьллинарг лаьттар дацара. И Эдомера вогІург мила ву? Мила ву иза, цІен оба а юьйхина, Бацарера вогІург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кІелхьардаха нуьцкъала а волуш». Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгІазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цІий Сан обанна тІе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чІир екхаран шо тІекхаьчна. Со хьийжира, амма гІоьнча вацара. Со цецвелира, гІо лоцуш стаг ца хиларна. Амма Сан куьйго гІо дира Суна, Сан дералло Суна накъосталла дира. Сайн оьгІазаллица Ас къаьмнаш хьаьшира. Сайн дераллица уьш даха а дина, церан цІий лаьтта охьадоьттира Ас». Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна. Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багІахь, таьллангаш тІехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багІахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? Амма Аса Іесаван тІаьхьенан мел долу хІума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дІалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дІабохур бу. Эдоман тІаьхьенах цхьа а вуьтур вац. Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Іаш болу зударий а Сох тешна Іан мегар ду». Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таІзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таІзар даза хьо хІунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таІзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таІзаран кад мер бу! Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тІе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тІамца чугІорта. Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Іеха ма делла. Тархийн чІажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а хьо Іаш ду, амма хьан цІенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дІа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. «Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. Седам-гІала а, Іамор-гІала а, царна гонахара гІаланаш а йохийна дІаяьхначул тІаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогІур а ву, цІеххьана эдомхой шайн махкара дІабовдуьйтур а бу. ТІаккха Сайна луъург а оцу махкана тІехІоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаІу валалур ву Суна дуьхьал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Эдом южуш яьллачу гІовгІано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хІорд болчу кхаччалц дІахезаш хир ду. Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тІедеанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Бацар-гІалина тІехула. Эдомхойн тІемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду». Мисар-махках яьсса аре хир ю, ткъа Эдомах яссийна меттиг хир ю. Иза хир ду царна яхІудхошна цара ницкъ бар а, ЯхІуд-махкахь бехк боцучеран цІий Іанор а бахьана долуш. «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода