Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Іузи-ЯхІус, ара а ваьлла, пІелаштамхошца тІом бира. Гати-гІалин а, Ябни-гІалин а, Ашдод-гІалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пІелаштамхой бехачохь а гІаланаш дІахІиттийра цо. ТІаккха церан мостагІашна тІехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тІе Сайн куьг хьажор дара. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду пІелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дІабохур бу, хІордан йистехь бисина берш а хІаллакбийр бу. Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю. Ашдод-гІалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПІелаштамхойн куралла Ас йожор ю.
Выбор основного перевода