Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гІала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тІегІуртур ду, хІордан йистана тулгІенаш тІе-ма-гІорттара. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Выбор основного перевода