Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? ЛадогІал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гІалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чІагІо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дІакхоьхьур бу аьлла. Ас чІагІо йо, церан латта Аса хІаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. Хьан тІемалой, Теман-гІала, кхерабелла хир бу, ткъа Іесаван лам тІехь берш хІаллакбийр бу». «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода