Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
массо а ницкъийн Везачу Эло стигалан къовкъарца а, лаьттан дегорца а, чІогІачу озаца а, дарцаца а, буьрсачу мохаца а, дерриге а дІакхоллучу цІерца а гІо дийр ду хьуна. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Зама тІекхочур ю, – боху Везачу Эло, – Іаммин-махкарчу Рабба-гІалин нахана Аса тІеман орца даккхар хозуьйтуш йолу. Оцу гІаланах къапалгийн барз хир бу, цунна гонах йолу ярташ а цІерца хІаллакйийр ю. Цара исраилхой шайн гІаланашкара дІабахийтира, амма исраилхоша Іамминхой цигара дІалохкур бу, – боху Везачу Эло. Тур схьадогІуш болчу некъийн сурт дилла. Цхьа некъ Іамминхойн Рабба-гІала боьдуш бу, ткъа важа некъ ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу Ярушалайме боьдуш бу. Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гІо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бІогІамаш дІахІитто а, адам хІаллакде, аьлла омра дан а, тІеман орца даккха а, гІалин кевнаш дохо гІирс дІахІотто а, гІалин гонах лаьттан гунаш дан а, гІала схьаяккхархьама кхиболу тІеман гІирс дІахІотто а безаш ву. «Адаман кІант, Соьгара хаам бе нахе. ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло иштта боху Іамминхошка, исраилхойх ца бешаш болчу: ‘Туьре хьажал! И тур баттара даьккхина ду, заьнгала дина а ду адамаш хІаллакдархьама а, стелахаьштиг санна, къагийтархьама а. Муаби-махкана тІе цІе хьажор ю Ас, цо хІаллакйийр ю Кхиръют-гІалин гІепаш, тІаккха Муаби-мохк хІаллакьхир бу. И бохам хуьлучу хенахь тІеман гІовгІа хир ю, коьман маІан аз а хир ду хезаш.
Выбор основного перевода