Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ПІелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагІина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гІалин цІарах, важа – Іази-гІалин цІарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гІалин цІарах, кхин цхьаъ – Гати-гІалин цІарах, ткъа кхин цхьаъ – Іекхран-гІалин цІарах. Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман. хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. ПирІун Іази-гІалина тІелатале хьалха Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера пІелаштамхойх лаьцна болу хІара хаам кхаьчна. Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Сан дети а, Сан деши а аша дІадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хІуманаш а шайн деланийн цІенош чу яьхьна. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Церан хьал хийрачу наха дІахьочу дийнахь, кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла, Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь, шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара. Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю.
Выбор основного перевода