Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІанта Амци-ЯхІус паччахьалла до пхийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЮшаІан кІант ЯрбаІам. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. ТІаккха яхІудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу, шен ден метта, паччахь а вина, дІахІоттийра. Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. Іузи-ЯхІу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхІу а ЯхІуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хІиттийра. ЯхІуд-мехкан паччахьаша Іузи-ЯхІус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхІус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кІант волчу ЯрбаІама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кІанте ХІушаІе Везачу Элера хаам хилла. Бетал-гІалин динан да волчу Амци-ЯхІус исраилхойн паччахьна ЯрбаІамна тІе нах бахийтира хІара дІаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Іамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург. Іамоса Амци-ЯхІуна жоп делира: «Со пайхамар а вац, я шайна алапа оьцучу пайхамарийн тобана юкъавогІуш а вац. Со жаІу вара, цул сов, ас инжиран дитташ а Іалашдора. Амма Везачу Эло уьстагІий долчуьра схьаваьккхира со. Цо соьга иштта элира: „Вало, Сан халкъана, исраилхошна, Соьгара болу хаамаш бан гІо“. Ацала кхаччалц дІаяьржина йолчу оцу Сан тогІенехула дІадовдур ду шу, яхІудхойн паччахь хиллачу Іузи-ЯхІун деношкахь мохк бегийча шун дай дІабевдда ма-хиллара. ТІаккха сан Веза Дела схьавогІур ву, Цуьнца цхьаьна массо а маликаш а.
Выбор основного перевода