Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагІийн жаш а ду гІайгІане. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чІагІо хилла дІахІуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гІап санна хир ву Иза. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
Выбор основного перевода