Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дІакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш». Хьайн корта хьала а айий, гонах хьажа: уьш массо а, гул а белла, хьуна тІебогІуш бу. Хьан кІентий генара схьабогІуш бу, карахь хьан мехкарий а бахьаш. ТІаккха, хьайна иза гича, хазахетар ду хьуна, хьан дог, тохаделла, шорлур ду. ХІордан хьал хьан карадогІур ду, халкъийн долахь дерг хьуна тІе доьрзур ду. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха. Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас. Мархаш санна а, шайн баннаш тІе доьлху кхокхарчий санна а, тІемаяьлла йоьдург хІун ю? Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. ЦІастанан метта, Ас деши дахьар ду хьуна, эчиган метта, дети а, дечиган метта, цІаста а, тІулгийн метта, эчиг а дахьар ду. Машар хир бу хьан куьйгалхо, нийсо хир ю хьан тІехьожург. Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Иза, Делан цІийнан керта а веана, нах Іамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» Галилай-махкара Бет-Саида-гІалара волчу Пилапана тІебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Іийса ган лаьа».
Выбор основного перевода