Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Іамминхой а, муабахой а СеІир-ломарчу бахархошна чугІоьртира, уьш байина дІабахархьама. Шаьш СеІир-ломара бахархой хІаллакбина бевлча, цара вовшийн байира. Дерриг а Сан лаьмнашкахула Сайн тур схьакхойкхур ду Аса ГІогІана дуьхьал тІом бан, – боху Хьалдолчу Эло. – ХІора тІемалочо шен вешина тІе тур хьалаойур ду. Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. «Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса хьан дой а хІаллакдийр ду, гІудалкхаш а йохор ю. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – И де тІекхаьчча, уьш Везачу Эло чІогІа боьхна хьуьйзуьйтур бу. Цара вовшийн куьйгех кадеттар ду, уьш вовшашна тІелетар а бу. Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь мацалла а хІуттур ю, мохк а бегор бу. Ткъа бисина болу кхиберш дин тІе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.
Выбор основного перевода