Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Ахь ялта дІадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагІар мер дац. Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“. Лаьмнаш тІе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тІаккха Делан цІа юхаметтахІоттаде. И гІуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло. И денош тІекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагІчуьнгара синтем бацара. Ас хІора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
Выбор основного перевода