Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахІоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – Ва боккха лам, хьо хІун ю? Зурбабелана хьалха хьох шера аре хир ма ю! Цо тІаьххьара тІулг буьллучу хенахь, наха гІовгІа йоккхур ю: ‘Далла бу хастам! Цуьнан дикачун дуьхьа ду иза!’ – бохуш“». Соьга Везачу Элан дош кхечира: «Кху Делан цІийнан бух Зурбабелан куьйгаша дІахІоттийна, цуьнан куьйгаша хІара цІа чекх а доккхур ду. ТІаккха Зурбабел волчу хьуна хуур ду массо а ницкъийн Везачу Эло Закри-ЯхІу-пайхамар хьан халкъана тІе ваийтинийла. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хІинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Іаш, стигал а егор ю».
Выбор основного перевода