Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву. ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. АхІаронан тІаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегІах тІуналла схьайолуш велахь, цо деза сагІа даа мегар дац, ша цІанваллалц. Еллачу хІуманах хьакхаеллачух куьг Іоьттинарг а, боьршачу нехан тІуналла шех схьаяьлларг а, сарралц боьха хир ву. Цо деза сагІа даа мегар дац, хица шен дегІ диллалц. Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хІума а боьха хир ю. Иза дІахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».
Выбор основного перевода