Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
ГІишлоярхой Делан цІийнан бух боьттина бевлира. ТІаккха динан дайша, шайн духарш тІе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кІенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цІестан жима негІарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дІалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хІума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. Ярушалаймехь долчу Делан цІенна тІехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгІа шо доладаллалц. Цундела хІинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе.
Выбор основного перевода