Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Везачу Элана Іесачу стага доккхуш долу сагІа ца деза, амма догцІеначун доІане Цо резахиларца ладугІу. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду.
Выбор основного перевода