Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха. Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хІокху дисинчу халкъана дІалур ду. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“
Выбор основного перевода