Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цІенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а». Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо. Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела.
Выбор основного перевода