Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна, церан хьогалла дІаяккха хи а лора. ТІаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагІий Іуйшца хІордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? ТогІи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаІа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дІадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цІе гІараяккхархьама. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“ Ас юха а билгалдаьккхина хІокху деношкахь ярушалаймхошна а, ЯхІудан халкъана а дика дар. Ма кхералаш!
Выбор основного перевода