Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цІенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тІедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тІера я аьтту, я аьрру агІор ма довлалаш. Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гІуллакх дечу хенахь шайна тІехь хуьлуш йолу бедарш дІа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тІаьхьа цара шайна тІе кхин хІума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тІе йозалла ца йоссийта. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. ЯхІудхоша а ямартлонаш лелайо. Исраил-махкахь а, Ярушалаймехь а дегаза хІума лелийна. Везачу Элана дезаш долу Цуьнан деза цІа сийсаздаьккхина яхІудхойн халкъо, хийрачу делан йоІ цо шена ялийна йолу дела. БІаьрзе нах! ХІун ду деза – сагІина еана хІума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хІума язъеш болу?
Выбор основного перевода