Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тІехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тІехь“. Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тІехь олалла дар бахьана долуш?“ ТІаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тІехь“. Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тІехь олалла дархьама?“ ТІаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тІехь“. Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагІаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тІехь олалла дархьама?“ ТІаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тІехь“. Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гІой, сан ІиндагІехь дІахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цІе а яьлла, цу цІаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“.
Выбор основного перевода