Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахьо Амци-ЯхІус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира, иштта дІаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ». Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. Ахьа боху: „Аса эдомхошна тІехь толам баьккхина“. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». Амма Амци-ЯхІус шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира, хІунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхІуашан кара дІабалархьама. ТІаккха исраилхойн паччахь ЯхІуаш яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна дуьхьалвелира. И шиъ тІамца ЯхІуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гІалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Делан цІа чуьра Іабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегІаш дІаяьхьира ЯхІуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хІуманаш а дІа а хьош, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
Выбор основного перевода