Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къилбаседехьа долу шун доза дІагІур ду Боккхачу хІорда тІера ХІор-ломана тІе кхаччалц. ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. Цул тІаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Іет-Кхацинна а тІе а кхочий, кхидІа Римуна тІе а доьдий, НеІа йолчу агІор дІадоьрзура. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тІехь толам а баьккхина, йоккха кІошт яьккхира цаьргара шен дола. ТІом болчу хенахь Хьазиала масех гІала схьаяьккхинера ЯхІуашан дегара ЯхІу-Ахьазера, амма ЯхІуаша и гІаланаш юхаехира Хьазиалан кІантера Бен-Хьадидера. ЯхІуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тІехь, исраилхойн гІаланаш юха а йохуш. Аматин кІанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира: Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.
Выбор основного перевода